ТIекхочийла долу линкаш

Пачхьалкхан урхаллаш болх бечура севцна Iамеркехь


40 сов процент Iамеркан пачхьалкхан урхаллашна болх бан ахча далар сацийна Шинарийн дийнахь. Цу тайпаниг хилла дацара Цхьаьанатоьхначу Штаташкахь кху тIаьхьарчу 17 шарахь. Оршотан сарахь Сенатехь алсам болчу демократийн куьйгалхочо Рид ХIаррис дIахьедар дира, Сенат реза яц пачхьалкхан урхаллаш ахча доцуш ца йисийта Iалашо йолуш Конгрессан векалаллийн чоьнаца дийцарш дIадахьа аьлла.

Оршот де чекхдолуш Конгрессан шина чоьно цхьамоггIа дагадовларш дIадаьхьира. Республиканхой алсам болу Векалаллийн чоь реза яра бюджет тIеэца, нагахь цу юкъара Обама Барака тIеэцийта гIертош йолу могашалла галъялча махкахошна гIо даран программа дIаяккхахь. Амма Сенат цунна реза ца хилира.

Цкъачунна хууш дац мел дахлур ду пачхьалкхан урхаллаш ханна болх бечура сацор.
XS
SM
MD
LG