ТIекхочийла долу линкаш

Ялх стаг вийна Пакистанехь


Соцуш дац Пакистанехь наха вовшашна тIехь ницкъ бар. Иштта, кху тIаьхьарчу дийнахь-бусий мел лаххара а 6 стаг вийна цигахь.

Белуджистан-провинцехь ОвхIанистанан дозанна уллехь эккхийтина некъаца йоьллина фугас. И бахьана долуш Пакистанан территори тIехь вийна 4 стаг. Кхин а 6 чевнаш йина ву.

Байина а, чевнаш йина а нах бу ОвхIанистанан территори тIехь а. Кхин цхьа эккхийтар дина оццу провинцехь Аваран олучу метте гуманистаран кира эцна йоьдучу тIеман ковранна уллехь. Цигахь вийна ши эскархо.
XS
SM
MD
LG