ТIекхочийла долу линкаш

ШолгIа де ду Iамеркехь пачхьалкхан урхаллаш болх беш йоцу


ШолгIа де ду Iамеркехь цхьайолу пачхьалкхан урхаллаш болх беш йоцу. Уьш цхьана ханна дIакъевлина Шинарийн буса, Когрессан шина чоьнна бюджет тIеоьцуш маслаIат ца карийначул тIаьхьа. И бахьана долуш, алап а ца луш, садаIа бахийтина 800 эзар бюджетан сферехь къахьоьгуш болу белхахой.

ДIакъевлина ю пачхьалкхан цIарах йолу урхаллаш, шайна юкъахь пачхьалкхан паркаш а, музейш а йолуш. ТIаьххьара бинчу талламаца, 72 процент Iамеркахой реза бац, Обама Барака кечйина йолу могашалла галъялча махкахошна гIо даран программа т1е ца эцийта г1ерташ, Iедалан урхаллашна ахча далар сацорна. 22 процент нах дуьхьал бац цу гIуллакхана.
XS
SM
MD
LG