ТIекхочийла долу линкаш

Ханфина тIелатар дина т1алибаша


Лаххара а 15 стаг вийна Пакистанехь, Iожалхочо ша урхалла дон машен а эккхийтина. 6 стаг чевнаш йина ву. Меттигерчу Iедалша дийцарехь, и эккхийтар дина тIалибашца къийсам латтон кхоьллинчу меттигерчу бахархойх лаьттачу тобан командир Ханфи Наби вер Iалашонца.

Цкъа дуьххьарf тIемалоша герзаш диттина Ханфин тоба дIатарйеллачу базана. Цул тIаьхьа машенахь цу базан керта а вахана иккхина Iожалхо. Ханфи цигахь ца хилла. Associated Press агенталло бинчу хаамца, и тIелатар шайна тIелаьцна меттигерчу тIалибаша.
XS
SM
MD
LG