ТIекхочийла долу линкаш

Дуккха а мухIажираш белла Италин гIайренна уллехь


МухIажираш тIехь болу хIордакема доьхна Италин Лампедуза цIе йолчу гIайренна уллехь. И бахьана долуш велла 90 сов стаг. Италин Iедалш бинчу хаамца, орцанхойн аьтто баьлла 150 стаг кIелхьарваккха.

Масийтта бIаь стаг лар йоцуш вайна лоруш ву. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, хIордакема хи чу доьдуш дуй хиъча хи чулилхина дуккха а цу тIехь хилла некъахой. Цхьаболчу хаамашца, цу кеман тIехь хилла 500 гергга стаг. Царах дукхах берш бу Сомалера бахархой.

Оршотан дийнахь Сицили бердана уллехь хи бухадахана кхин цхьа хIордакема. Цу тIера 15 стаг велла.
XS
SM
MD
LG