ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газпроме жоп доьхур ду Европерчу пачхьалкхаша


Юккъерчу а, Малхбузерчу а Европехь, шегахь монополи хиларх пайда а эцна, зуламаш дарна бехк кховдо дагахь бу Евробарт Оьрсийчоьнан Газпром компанина. Цуьнах лаьцна Еарин дийнахь Вильнюсехь дIахьедар дина Евробертан конкуренцица доьзначу хаттаршкахула йолчу урхаллан куьйгалхочо Аманн Алмуния Хоакина.

Цо бинчу хаамца, Газпромо лелийначух шена ца тайнарг тIехь долу ц1ейоза кечдеш бу Евробарт. Аманна дийцарехь, цара толлур ду Оьрсийчоьнан концерно Болгарехь а, Чехехь а, Эстонехь а, Венгрехь а, Латвехь а, Литвахь а, Полшехь а, Словакехь а лелийнарг. Литван президенто Грибаускайте Даляс дIахьедар дина, таллам чекхбакха дагахь ду шаьш 2014-чу шарахь бIаьста аьлла.

Къовсаман кепаш йохош йолчу компанешна гIуда тоха аьтто бу цара шарахь даьккхинчу ахчанан 10 процент барамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG