ТIекхочийла долу линкаш

"Росбалт" дIакъовла дагахь ю "Роскомнадзор"


«Роскомнадзор» урхалло кхеле елла «Росбалт» олу хаамийн агенталла, суьдхошка цунна регистраци еш делла кехаташ харц дар доьхуш. Цу урхаллан интернет сайт тIехь бинчу хаамца, цуьнан бахаьана ду цу электронан зорбанан гIирсо мосуьйттоза къоршаме низам талхийна хилар.

«Росбалт» федералан хаамийн а, аналитикан а агенталла ю, Москох а, Петарбухехь а офисаш а йолуш. Цунна болх беш болу нах бу дIатарбина Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а. «Росбалтан» сайт уггаре а яккхийчерах лоруш ю.

Ала деза «Росбалто» къаьсттина шен тидам Къилбаседа Кавказерчу бахархшна тIебохуьйтуш хилар, коьртачу декъана нохчий сийсаз бан гIерташ.
XS
SM
MD
LG