ТIекхочийла долу линкаш

Вашингтонехь герз диттина зуда йийна полицино


Кхаарийн дийнахь Капитолий уллехь хиллачу инцидентехь дакъалоцуш хилла зуда йийна Iамеркан полицин белхахоша. Шеца шо кхаьчна бер а долуш, машенахь хилла и зуда гIоьртинера цкъа дуьххьара КIайчу ЦIийна керта яха. Цул тIаьхьа Капитолий уллехь иза схьалаца гIоьтира полицин белхахой.

Полицино бинчу хаамца, и зуда террорхо ца хилла. Цара чIагIадерхь машен чохь хиллачу берана хIумма а ца хилла, ткъа шина полисхо яй чевнаш хилла ву. Цу зудчо лелийначуьнан бахьана хууш дац. Цхьаболчу хаамашца иза кхетачура яьлла хилла. Таллам дIахьош бу.
XS
SM
MD
LG