ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболах ловзар Iай хилийта лууш бу кхатархой


2022-чу шарахь Кхатарехь хила езаш йолу футболан дуьненан чемпионат Iай дIаяхьа лууш бу ДохIера Iедалхой, аьхка цигахь дукха йовхIа хуьлун дела. И бахьана долуш и хаттар таллар Iалашонца леррина тоба кхуллур ю шаьш аьлла дIахьедар дина ФИФА олучу Дуьненаюъкарчу Футболан Ассоциацин декъашхоша.

ФИФА-н президенто Блаттер Зеппа ПIераскана дийнахь хаам бира, 2014-чу шарахь Бразилехь хир йолу дуьненан чемпионат чекхъяллалц цхьа а сацам бийр бац шаьш аьлла. Европера футболан лигаш а, телекомпанеш а реза яц футболан чемпионат Iай дIаяхьарна, хIунда аьлча цу хенахь кхин программаш дIахош хуьлу ФИФА. 2018-чу шеран футболан дуьненан чемпионат хир ю Оьрсийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG