ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Индонезе а, Бруней а ца воьдуш цIахь сецна Обама Барак


Обама Барак Индонезе а, Бруней а ца воьдуш цIахь сецна аьлла, дIахьедар дина Еарин дийнахь 1амеркан президентан администрацино. Цигахь хир йолчу Азин а, Тийначу ХIордан а Цхьанакъахьегар олучу форумехь а, Къилба-Малхбалерчу Азин Ассоциацина юкъайогIучу пачхьалкхийн векалийн кхеташонехь а дакъалаца дагахь вара Iамеркан президент.

Обама Барак новкъавала везаш вара Шоьтан дийнахь. Къайчу Цийно динчу дIахьедарехь аьлла ду, Обама Барака цу тайпа сацам баран жоьпалла тIедужуш ду пачхьалкхан урхаллаш болх бечура совцийтийна болчу Республикан партин цIарах Конгрессехь болчу низамашдахархошна аьлла.

Кхаарийн дийнахь Iамеркан президентан администрацино хаам бира Обама Барак цIахь сецна Малайзе а, Филипинашка а визиташ а ца еш аьлла. Цига вахар дара Iамеркан президентан дуьненаюкъарчу турнен цхьа дакъа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG