ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тимошенкона гIо дан гIерта Европера политикаш


Полшин хиллачу президенто Квасневский Александра а, Европарламентан гIантда хиллачу Кокс Пэта а кхайкхам бина Украинан президенте Янукович Викторе, Тимошенко Юлия дIахецахьара аьлла. Цу гIуллакхо аттачу даккха мега цу хьокъехь сацам тIеэцар.

Цхьаболчу политологашна хетарехь, Квасневскийс а, Кокса а дехар даро гIо дан мега Януковичана и хаттар дIакъовла. Еарин дийнахь Квасневский а, Кокс а хилира Украинан хилла йолу премьер-министр латточу Харковерчу набахтехь. Тимошенкон адвокато Власенко Сергейс дийцарехь, нагахь ша дIахецахь иза кийча ю шена дарба лаха Германе дIаяха.

ПIераскан дийнахь Тимошенкос дIахьедар дира, кхечу пачхьалкхехь политикан тховкIело еха дагахь ю ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG