ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Историн бала бац, даздан хIума хилчхьана...


Грозная (Буьрса) ГIап - таханлера Соьлж-ГIала - Кавказан чалтачо Ермоловс схьайиллина 195 шо кхачар даздайтира шоьтан дийнахь нохчашка Кадыров Рамзанан Iедало. Ишттачу барамашка даима а лохкуш ма-хиллара, лаамза шахьара дIаоьзнера хьукматийн белхахой, хьехархой, лоьраш, дешархой. Махка баьхкинера гоьбевлла нах – политикаш, артисташ, шайлахь Голливудера Сигал Стивен а, Москох беха йишлакхархой Меладзе Валерий, Тимати, Лещенко Лев, Басков Николай, кхиберш а болуш. Иштта цхьана дийне дерзийнера мехкан администрацино кхин а ши даздар – Нохчийн кегийрхойн а, хьехархойн а денош. (Маршо Радио/ Елхоев Леча).

XS
SM
MD
LG