ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Азин-Тийначу хIордан саммитехь



Азин а, Тийначу хΙордан а регионехь экономикехула юкъарло латточу пачхьалкхийн кхеташоне воьдийла ца хилла Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Обама Баракан шен Ιедална болх бан оьшу финансаш ялар Конгрессо дахдарца доьзна. Цуьнан метта цига вахначу пачхьалкхан секретара Керри Джона элира, Ιамерка, хьалха а санна, цхьанабертахь къахьега реза ю Азин-Тийна хΙордан регионца.

Китайн куьйгалхочо Си Цзиньпина, дуьненна хала хир ду, билгалдаьккхира, кризисо лаьцна кхобу экоономика денъян. Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира кхайкхира регион шен пачхьалкхан бахаме инвестицеш хьажоре, шаьш арахьарчу компанешна оьшшу хьелаш латтадо, аьлла, тΙе а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG