ТIекхочийла долу линкаш

Гена долуш ду Мисарара дов



Оьршот дийнахь лаххара а итт Мисаран салти вийна молханах юьйлина машен а эккхийтина, юха герзашца тΙелеттачара. Иза хилла эскархошна дуьхьал гΙаттамхой лаьттачу мехкан къилбаседанехьарчу Исмайлия-гΙалина гергахь.

КΙахΙирехь бевзашбоцчара ши ракета хецна гΙаличуьрчу спутникан зΙенан станци тΙе, цхьаьннан антенна а йохош. Ткъа Синайн-ахгΙайри тΙехь эскархойн ковранна уллехь, машен а эккхийтина, вийна пхиъ, лазийна ахбΙе стаг. «Бусулба Вежарий» олу болам Ιедало дΙакъевлича телхина барт оьгΙуш бу Мисарахь де дийне мел долу.
XS
SM
MD
LG