ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Литуван шурин татол дIакъевлина Кремло



Карарчу хенахь Евробертан кхеташонехь куьйгалла дечу Литувара йохьуш хилла шурин сурсаташ эцар юкъахдаьккхина Оьрсийчоьно. Цуьнан бахьана до Оьрсийчу кхочучу кхачан терго ечу хьукматаша шура уьнах цΙена яцар. Амма Евробертана хетарехь, политикехь Литувана тΙеΙаткъам бархьама юкъадаьккхина Кремло и дехкар.

Еврокхеташо тΙебогΙучу баттахь дагахь ю Советан пачхьалкх йоьхча хΙиттаеллачу пачхьалкхашца гергарло чΙагΙдеш саммит дΙаяхьа, ткъа Оьрсийчоь цунна новкъарло ян гΙерта, аьлла хета Литувана. Иштта йохк-эцаршкахь дуьхьалонаш йо Путинан Ιедало Украинана а, Молдована а, Гуьржийчоьнна а, Прибалтикан мехкашна а. Литуван куьйгалхоша дΙахьедина, Оьрсийчоьно оцу кепехь а хьийзаш, шена дарйо Европан Берта юкъайогΙу 28-ххΙе а пачхьалкх, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG