ТIекхочийла долу линкаш

7 шо кхаьчна Политковская Аня йийна


ВорхΙ шо кхаьчна Москох, шен цΙайоьдуш журналист Политковская Анна йийна. И де дагалоцуш гуламаш хилира оьрсийн гΙаланашкахь Воронежехь, Петарбухахь, Москох. Иштта дагалецира и майра зуда Европерчу гΙаланашкахь а, Ιамеркахь а. Политковская ер толлуш кхеле озийна Ιедалша пхи стаг, шайх 4 нохчо а волуш.

Цкъачунна хууш дац, билггал хьенан карах елла нохчийн нехан бакъонаш къуьйсуш яьхначу «Керлачу газетера» журналист. Политковская Аннин цΙарах йолу дуьненаюкъара преми елла иза йийна 7 шо дузуш Пакистанерчу йоΙана Юсуфзай Малалина, стохка «Талибано» герзаш тоьхна лазийра иза цо адамийн бакъонаш ялхош хиларна.

XS
SM
MD
LG