ТIекхочийла долу линкаш

Дустум дохковаьлла



Цхьа заманаш хьалха ОвхΙанистанехь тΙалибийн агΙор тΙемаш а беш, инарлан дарже кхьачарца махкахь дика вевзаш волчу Дустум Ιабдул Рашида шена къинтΙера бовлар дехна овхΙанхошка официалехь. Шен оршотдийнахь динчу дΙахьедарехь цо боху, «даре дан хан кхаьчна, тхан харц политико дуккха зенаш къомана дина хилар».

Дуьххьара ду тΙалибашлахь инарла ваьлла стаг оццул къерахуьлуш. Узбека Дустума дуккха а зуламаш дина лору махкахь. Шен дΙахьедар цо дина ша тΙедогΙучу шеран бΙаьста хинболчу президентан харжамашка вице-президентан дарже кандидат язвелла де даьлча.
XS
SM
MD
LG