ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къена ву, амма говза ву. Къона ву, амма зеделларг дац


Нохчийчийн Пачхьалкхан Университетан студенташ, Соьлж-гIала, 02Гез2013
Нохчийчийн Пачхьалкхан Университетан студенташ, Соьлж-гIала, 02Гез2013

ХIинцачул тIаьхьа, 65 шарал тIехваьлла волу даржо пенси вохуьйтура волуш ву Нохчийчохь. Кегийчарна белхан меттигаш маьршаяхархьам бина боху Iедалша и тайпа сацам. Амма, иза кхочуш муха бийр бу хууш дац. Цхьаболчу тергамхошна хетарехь, куьйгана цIена боцучарна кхаьънаш эца аьтто боккхуш хIума ду иза.

65 шарал тIехваьлла волу Iедалан даржхо балхара дIа а ваьккхиина, иза пенси вахийта сацам бина Нохчийчуьрчу Iедалша. Оцу сацамо, гIеххь кIезга байбира бу боху, махкахь белхан меттигаш ца хиларца боьзна бала.

Ткъа, балхара цIа хьовсочу пенсионерийн меттана, дIахIиттора бу кегий нах, могашалла а йолуш, болх бан дог а догIуш болу. Оцу гIулчо, дукха а кегий нах балха хIоттора бу, амма, цо, ша мел болу бала дIабоккхура бац, аьлла хета, Нохчийчуьрчу профсоюзийн куьйгалхочуьнна Солтагереев Хусайнин. Маршо радиога вистхуьлуш цо ишшта элира.

Салтагереев Хусайн: «Белхан меттигаш ца хиларан бала, пенсионераш дIа а баьхна, церан меттан кегийберш вахьховшийча, и бала дIабера бу бохург бакъ дац. Амма, оцу гIлучо алсам гIо дийра ду цу тIегIан тIехь. Цхьа жима стаг балха хIоттийча а, иза доккха гIуллакх ду., арнахула лелачулла. И хIума чIогIа маьIан долуш ду аьлла хета суна».

Къона говзанчаш бу бохуш, Iедалан массо а тIегIан тIехь, дIахIитина, кегий нах бу Нохчийчохь. Оцу гIулчах цхьа а цец ца волу, амма, юй теша цаьргахь, баккхийчу даржхошкахь санна говзалла? Оцу хаттарна, жоп ло, Хьалха-мартан тIера, Iиса цIе йолчу вахархочо. Иза ша а цхьан хенахь, милицехь болх бина ву, амма, хIинца пенсехь садоIуш ву.

Iиса: «Хьо дIа вах-ваханчохь, дашо мидал яьккхинверг а, Мосокхахь дешнаверг а, кхечанхьара схьавеанверг а хуьлу. Оцу воккхачуьнна говзалла ца хуьлу цаьргахь. Юрист санна ахь, цуьнга, ишшта хила деза, ишшта хила ца деза, бохуш дIадуьйцушшехь, ца кхета. Теори хира ю, цуьнгахь, амма, практика яц. Цхьа хилла Iаш вац хьуна иза. Прокуратурехь тIенисвелла со, полицехь а нисвелла».

Нохчийчохь, белхан меттигаш ца хиларца бала ира лаьтташ болун дела, ша балха дIахоьттича, цуьнах тасавелла валла милла а. Цхьана юкъан олуш дара, хьалхара тIом балле, махкара оьрсий дIабоьлхахь, Соьлжа-гIала боьхалшка гIура ю. Иза бохург дара, сантехникан а, нехаш дIайохурган а, болх нохчаша бийра бац. Замано гайтина, болх барх эхь доцийла. Ткъа, Iисана, хIинца юкъдаьккхина дерг, хетарехь деш ду, белхан меттигаш йохкархьам.

Iиса: «Шен могашаллийн хьола бахьанехь ваха веза, балхара дIа. Кхара указ даьккхний, меттиг мокъ яьккха езаш ю аьлла, ваха ца веза. Могашалла юй болх бан-болх бан беза. Яцахь дIавах веза. Ишшта хила дезаш ду гIуллакх. Совет Iедал долчу хенахь а, ишшта дара гIуллакх. ХI инца кхара лелочуьнах со кхеташ вац. Хетарехь, белхахой хийца мел хуьйцу, и тIера махцаргаш йохуш берш буй, ша царна оьшуш хIума дацахь иза. Церан аьтто бу болуш бег. Ахь сом дIа ца лахь, хьо балха дIаоьцуш ма вац».

Нохчийчохь тахана дуккха а кегий нах бу лаккхарчу даржашкахь. Амма, хан яьлларш а, балхара дIабахахь а, церан говзаллах пайда эца, уьш юха а схьабахкабо, цаьрга кегий берш Iамабайта. Амма, вукхара, узбекаш, плован рецепт кхоччуш йовзуьйтуш ма ца хиллара, ишшта белхан мел йолу къайленаш а гучу ца йоху, шаьш гуттаренна а пенси бахийтарна кхоьруш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG