ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчи хилар пайдехь ду... нохчо воцчунна


Чагаев Руслан - боксах латархо
Чагаев Руслан - боксах латархо

Дуьненахь воьвзуш волу боксер Чагаев Руслан нохчи ву аьлла дIахьедар дина Кадыров Рамзана. Соьлжа-гIала вахана хиллачу цу боксерца хиллачу цхьанакхетарехь гIарадьаккхина цо иза. ХIинцачул тIаьхьа Чагаев летар ву Нохчийчура "Ахьмат" клубан цIарах.

Массита шо ду, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, Оьрсийчуьрчу кхечу куьйгалхошна юккъахь, хаамийн гIирсаша уггаре а дукха вуьйцуш верг, ву аьлла къорбал вина. Пиар, ян дика Iаьмма меттигера Iедалш.

ХIора де моссуза долу, цхьацца хIума гучудолу, дуьне дацахь а, оьрсийчоьнан юккъаралла цецйоккхуш долу. Цхьаболчу наха дузу иза, къаноша цхьана хенахь, нохчийн гIуллакхаш, лаьттара дешийн эппаз схьаэца а ца бешаш, оццула хьал талура ду, бохуш дийцинчу хIуманца.

Йеш гIала ю, масех шо даьлча, Оьрсийчохь уггаре а лекха гIишло йийра йолуш ю, махка муьлахчу а дезчу денна богIу, дуьеннахь гIарабоьвла болу артисташ а, спортсменаш а. Царах дукхачара, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнах, сан ваша Рамзан олу, масла, Сигал Стивена ма аллара. ХIинца кхин цхьана спортсхочуьнна а аьтто баьккхина ишшта ала.

Иза ву, дуьненахь воьвзаш волу боксер-везанча Чагаев Руслан. Голливудера актера Кадыров шен ваш ву дашанна аьллехь а, Чагаевийн, иза бух болуш ала таро яьккхина. Селхана Соьлжа-гIала веънера иза. Иза масех де хьалха дуьнен чемпион ваьллера. Серб волчу Йово Пударца летта, толам баькхкинера Узбекистанера схьавалар долчу, Германехь вехаш волчу, хIинца нохчий ву аьлла дIакхайкхина волчу боксера.

Иза нохчи ву аьлла хаам, Соьлжа-гIалахь, шен цуьнца хиллачу цхьанакхетарехь, Кадыров Рамзана дира. Цо бахарехь, дукха хена дуьйцуш дара, Чагаев Руслан нохчи ву бохуш, амма, хIинца, цуьнан доьзалан орамийн бух, Нохчийчуьра хилар къаьстина, цундела шаьш хазахетарца дIахоуьйту Чагаев Руслан нохчи ву аьлла.

Серб волчу Йово Пударца хилла долу латар, Чагаев Руслана, «Ахмат» цIе йолчу нохчийн боксан клубан юккъехь волуш хиллера. Цуьнана а, цуьнан тренерийн штабан а, массарна а тIехь, дара Кадыров фондан билгалало а йолуш, «Ахмат» клубан суьрташ тIехь долу духар.

Тахана, дерриге а дийнахь. Чагаев Русланан, нохчийн бух мичара, муха къастийна, аьлла муьлхачу а стаган хьалхахь хIоьттина долчу хаттарна жоп дала стаг ца хилира, ян архиван урхаллехь а, ян историкашна юккъахь а. Сихоцна иза ца дахь, юккъараллехь, цатешам лакха бера бу, оцу хааме болу. ХIинцале, Кадыров Рамзнан Дийна Журнале, цхьаммо комментарии язйина «Иза дика кхаа бу. ХIинца ладугIура ду оха, Али Мухьаммедах а, Джобс Стивах а, Гандех а».

Ткъа, тахана, бокс езачарна, «кIай Тайсон» олу Чагаев Руслан, нохчий хиларх а, ца хиларх а башхалла ца хета. Ши шо хьалха, шелла дикка лекха а, 45 кила веза а волу, Валуев Николай а, эшийна волу боксер, Нохчийчоьнан цIарах летар ву аьлча, цуьнах боккха кхаъ хилла. Масла, Рамзан цIе йолчу хIокхуьнна санна.

Рамзан: «Чагаев Руслан хIицна цхьа толам баьккхича, ша верг оцу Интернет чу хьоьжура, иза мила ву теша бохуш.Нохчий вуй, гIезлой вуй, бохуш дуьйцуш дара. Суна а хетара и фамилии хезча, иза нохчи ву. Дика кхаъ бу иза, нохчи хилар. Дала аьтто бойла цуьнан. Дика кхане йолуш спортхо ву иза.Бакъдерг дийцича, башхалла а яцара. Иза бусула стаг ву. Амма, иза нохчи ву аьлча, кхиъ чIогIа хазхета суна».

Тахана, нохчий хила лууш а, нохчех хаькхабелла хилийта лууш а дуккха а нах бу. Цундела, тIаьххьарчу хенахь, алсамбоьвла, орамаш кхузара ду боху нах. Ткъа, нохчий, шаьш дог кIинхетаме долун дела, кийча бу, муьлха а стаг, шен кхерче ваийта, бохуш дуьйцу, кхечу спортезархочо Iусама.

Iусам: «Тахан хIокху замано, нохчий бу бохуш дукха нах гайтина вайна. Кхоно, хи цIогане кхоччучу хенахь, тарбала, нуй хьакха а схьабогIуш бу нохчий бу бохуш болу нах. ХIинцалца узбек ву бохъуш ма вара иза.

Кхин цхьаъ а ма ву Ибрагимов Султан бохуш верг. Цхьаболчара иза нохчи ву боху, ткъа, цо ша, ша суьйли ву бохуш. Цубнца хьалкхиъна а, цуьнца спортехь цхьан леларг а, ву суна воьвзуш Оьвтрара ву иза. Кегий долчу хенахь, иза нохчий хилла, хIинца суьйли ву. Ишшта цхьацца гучубовлу-кх уьш».

«Ахьмат» цIе йолчу, боксан клуб, кхаа, шарахь, дуьненахь уггаре а йоьвзачу кхаанийн юккъахь хила еза, аьлла Iалашо хIоттина, цуьнана урхаллан хьалхахь, Нохчийчоьнана куьйгалхочо. Чагаев Руслана, къахьоьгура ду оцу Iалашонна тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG