ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Азербайджанера президентан харжамаша шина даггахь битина хьажархой


Европан Кхерамазаллин а Цхьанабертан а Организацин цIарах болчу хьажархоша дIахьедар дина, Азербайджанан президентан даржехь волчу Алиев Ильхьама толам а боккхуш, дIабирзинчу президентан харжамашкахь ладаме кхачамбацарш а, проблемаш а яра, аьлла.

Европан Кхерамазаллин а Цхьанабертан а Организацин миссин хьажархоша Бакох вовшахтоьхначу зорбан-конференцехь дIахьедар дира, проблемаш «харжамийн процессан мел йолчу тIегIанехь» гуш яра, аьлла.

Делахь а, Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейн а, Европан парламентан а хьажархойн миссино баахарехь, Азербайджанехь дешан маьршонца ладаме чолхенаш елахь а, кхаьжнаш тасар демократин амал йолуш дара, харжамаш цIена чекх а бевлира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG