ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Канадера Мунро Элисана делла литературехула долу Нобелан совгIат


Литературехула Нобелан совгIат кхайкхийна тахана СтокхIолмехь. Канадерчу яздархочунна Мунро Элисана кхачийна иза кхушара.
Нобелан комитетан зорбан-релизо дийцарехь, карарчу заманан йоцачу прозин говзанча ю иза.

1931-чу шарахь, Онтариохь йина ю Мунро. Ша кхиазхо йолуш дуьйна яздан йолаелла из.а Шен дуьххьарлера дийцар «IиндагIийн дустарш» 1950-чу шарахь зорбане даьккхина цо.

Кхин дIа а цо яздинчу доца дийцарша гIараяьккхина иза. Цхьаболчу критикаша цунах «Канадера Чехов» олу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG