ТIекхочийла долу линкаш

Либехь лачкъийна хилла пачхьалкхан премьер-министр Зейдан Iела мукъаваьккхина


И аьлла, Либера хаамийн агенталлина тIе а тевжаш хаам бина Associated Pressо.
Тахана Iуьйранна Либин Iедало дIахьера динера, бевзаш боцчу наха лачкъа а вина,дIавигина премьер-министр Зейдан Iела, аьлла.

Хьалхо дийцинера, Триполера хьешан цIа чохь лаца а лаьцна, герз долчу нехан тобано Зейдан дIавигинера, бохуш. Иза лачкъоран бахьана девзаш дац, аьлла дара цу дIахьедарна тIехь.
Иза лачкъор нисделла, Iамеркан лерринчу ницкъаша Триполехь терроризм лелорна бехке веш волу Абу Анас аль-Либи лаьцначул тIаьхьа. Иза хIинца Iамеркан карахь ву.
XS
SM
MD
LG