ТIекхочийла долу линкаш

2013-чу шеран Нобелан машаран совгIатан лауреат ю Химин Герз Доьхкуш Йолу Организаци


И аьлла тахана Ослохь дIахьедар дира Норвегерчу Нобелан Комитетан гIантдас Ягланд Турбьёрна.

Нейдерландерчу ХIаагехь туп тоьхна йолу Химин Герз Доьхкуш Йолу Организаци 1997-чу шарахь кхоьллина ю. Цуьнан Iалашо ю, дерриг дуьнена тIехь химин герз ца даржадайтарна тIехьажар. 190 пачхьалкх декъашхо ю цунна юкъайогIуш.
Организацин экспертийн тоба карачу хенахь Шемахь болх беш ю. Шема пачхьалкхера химин герз хIаллакьдарна тIехь болх беш бу уьш.

ГIуран беттан 10-чу дийнахь Норвегин коьртачу Осло-гIалахь Нобелан машаран совгIат цу организаце дIалур ду. СовгIатан барам цхьа миллион 250 эзар доллар бу.
XS
SM
MD
LG