ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIан пачхьалкхехь визит дIахьуш ву Керри Джон


ПIераскан дийнахь ОвхIан пачхьалкхе вахана Iамеркан Цхьаьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джон. Дийцарехь, иза цхьанакхетар ву овхIанхойн президентаца Карзай Хьамидца. Керрис Карзайца бийцаре бийр бу, НАТОн эскарш 2014-чу шарахь арадаьхначул тIаьхьа цу пачхьалкхехь дуьсур долчу Iамеркан эскарийн терахьца доьзна шина агIонан барт. Хаамийн агенталлаша бахарехь, ГIадужу бутту чекхбалале къастийна дала дезаш ду и гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG