ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн лаьмнашкахь деши а, дети а хиларе догдохуш, талламаш болийна мехкан администрацино. Итум-Кхаьллана гергахь, Кавказехь уггаре а лекхачех болчу ТIуьалой ломахь дIахьош ду зераш. ХIун пайда бохьур бу ночхашна оцу балхо? И хаттар лаьтта хIинца нахана хьалха.

Кадыров Рамзана шен инстаграммехула а, блога чухулла а дIа ца кхайкхийнехь, хуур а дацара Итум-Кхаьллан кIоштахь, Гуьржийчоьнца дозанехь лаьттачу ТIуьалой-Ломахь маьIданаш лаха долийнийла.

Цкъа болийна талламаш чекх а бевлла, говзанчаша мах хаддолц, ишттаниг гIарадоккхуш а ца хуьлу, амма Нохчийчоьнан администраторна шена лиира оцу метте ваха а, цигахь болх дIа муха боьду хьажа а. Телехьожийлехь хаддаза хIинца а гойтуш ю цигахь яьккхина видеорепортаж.

ТIуьалой-Ломаца таллам бийраш Оьрсийчуьра говзанчаш бу. Цхьаццаболчу хаамашца, царалахь ву Колумбера цхьа говзанча а. Лаьттах 200 метр Iуьргаш а дохуш, бо талламаш. ХIинцале билггал хууш ду оцу меттехь цIеста дуйла, боху белхалоша. Ишшта, хила тарло боху цигахь даш а, деши а, дети а.

ТIуьалой-Ломахь нохчаша хьалха заманахь дуьйна а цIеста доккхуш хилла боху цхьаболчу историкаша. Цундела башха керла хIума а дац Iедало хIинца довзийтинарг.

И меттиг 1905 шо тIекхачале маьIданаш лаха Швейцарерчу фирманийн кара дIаелла хилла Iедалша. Карийнарг хилла инзаре хаза, доккха, цIена ангали-кристалл. Цхьа тIулг метр барам а болуш хилла бохуш дуьйцу. Историка Демелханов Сулимана бахарехь, ТIуьалой-Ломахь даима а хилла маьIданаш карош.

Демелханов: «ТIуьалой-Лам уггаре а лекха лам бу Малхбузерчу Кавказехь. Цуьнан лакхалла 4494 метр ю. Хьалха цу тIехь а, цунна гонаха а цIеста доккхуш меттигаш хилла. 19 бIешо чекхдолуш теллина ю и меттиг. 200 эзар тонн цIеста ду аьлла хилла цигахь оцу хенахь. Нохчаша цигахь цIеста хилла ца Iаш, деши а, дети а ду олуш дара».

Яхначу заманашкахь нохчийн дахарехь йоккха меттиг дIалоцуш хилла оцу ломо.

Демелханов: «Вайн историца доьзна ду ТIуьалой-Ломах лаьцна дийцарш. 1963 шарахь историка Красновс яздина ду, 12 шарахь оцу лома тIехь, Идиг цIе йолу баьчча хьалха а волуш, нохчаша тIом бина гIезалошца, аьлла. Бусулба дин тIеэцале а еза лоруш меттиг а хилла и лам».

Итум-Кхаьллахь йолийначу проектна цIетиллина «ТIуьалой-Лам». Спонсор ву бизнесхо Байсаров Руслан. Цигахь кхин цхьа проект а ю цуьнан - когасалазийн курорт «Ведучи».

Бахархошна къайле хилла яц оцу меттигашкахь маьIданаш хилар, амма дийцаррий бен, кхин гучудаьлла хIума дац, боху царех цхьаболучара. Масала, Хьасан цIе йолчу хIокху стага санна.

Хьасан: «Со жима волчу хенахь, вай ламчохь деши а, дети а ду, бохуш, дуьйцуш хуьлура. Суорота олуш цхьа меттиг ю Нохчийчохь, цигахь мехкдаьтта а карийна, цига машенаш лийлира. Цхьа дийцар дара, даш долчохь деши а хуьлу бохуш. Дийцарш бен дацара уьш. Карийна стаг суна-м ца хаавелла».

ТIуьалой-Ломахь, ма дийцара, цхьа маьIда карадахь, цунах нохчашна пайда балахь тамаша хеташ ву Хьасан. Кхузахь схьадоккху мехкдаьтта санна, лаккхарчу даржхойн кисана гIур ду иза, аьлла хета Хьасанна.

Хьасан: « Вайна цхьана а тайпа цунах хила пайда бац. Оьрсийчоьнан низамехь дIаяздина ду, лаьтта бухахь доллург дерриг а Iедалан ду, аьлла. Тахана Оьрсийчуьра Iедал жоьлгийн Iедал ду. Цо нехан хIумма а то ца дина. Цига некъ ца биллалуш 7-8 шо ду. Сайн цара хIумма а тодийр доцийла хаьа суна. Iаьрбий болучохь лаьттахь хIума карийча, пачхьалкхехь бехачу нахана цхьа дакъа а дой, хIума до. Тахана цара и лаьмнаш харцахь, экологи хIаллакьхиларна-м кхоьру со».

МогIара бахархойн Итум-Кхаьллал лакхарчу лаьмнашка баха йиш яц. Дозанхошкара бакъо еза. Амма иза хьанна-хьанна а луш яц. Ткъа оцу меттехь маьIданаш карадахь-м, нахана деххачу шерашна цига боьду некъ бицбан а мегар ду.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG