ТIекхочийла долу линкаш

Алиев Ильхаман толамна дуьхьал Бакох акци дIаяьхьира Азербайджанера оппозицино


Азербайджанан президенто Алиев Ильхама деношкахь президентан харжамашкахь тIех дукха кхаьжнаш кхочуш баькхинчу толамна дуьхьал Бакох акци дIаяьхьира оппозицин жигархоша. Iедалша бакъо а елла, Бакохарчу Ясамал кIоштара стадионехь лаьттира демонстраци.

Полицин хьесапехь цигахь вовшахкхеттарг 1,500 стаг вара. Ткъа шаьш оппозицин векалша, шаьш 15,000 вара боху.

Iедална дуьхьал дIахьедарш дина иттех жигархо йоцачу ханна чувоьллира полицино.

Официала хаамашца, 85% кхаьжнаш а тесна, толам баьккхина Алиев Ильхама, деношкахь цу махкахь дIабаьхьначу президентан харжамашкахь. Цхьаьнакхеттачу оппозицин векалх 5% гергга бен ца тесна, оццу хьесапца.
XS
SM
MD
LG