ТIекхочийла долу линкаш

Нуьцкъала циклон бахьанехь 200,000 стаг дехьаваьккхина Индехь


Бенгал айма йолчехь нуьцкъала циклон бахьана 200,000 стаг дехьаваьккхина Индехь. Дийцарехь, «Файлин» цIе йолу циклон сарохьа Индин малхбалерчу Ориссу а, Андрха-Прадеш а кIошташна тIекхетар йолуш ю.

Индера метеорологийн сервисо варе дина, сохьтехь 200 чаккхарма чехка хьокхур бу мох, аьлла. Оццу хенахь, тайфунашна тIехьожучу Iамеркан Цхьанатоьхначу тIеман-хIурдан центро бахарехь, сохьтехь 315 чаккхарма чехка мох хьокхур бу.

Индера Iедалша бахарехь, кхо метр лекха тулгIенаш хила тарло хIурдан йистехь. Цара хIаллакьян тарло, хIурдан йистошкахь йина гIишлош.
XS
SM
MD
LG