ТIекхочийла долу линкаш

1200 мигрант лаьцна Москох



Оршотдийнахь Москох полицино меттигерчу хасстомийн базарахь лаьцна 1200 Юккъерчу Азера а, Кавказера а мигрант. Деношкахь бухарчу бахархоша тΙебаьхкинчу нахана дуьхьал гΙовттийначу гуламийн лар ю иштта.

КΙирандийнахь Бирюлово кΙоштахь мигрантех лата базаршка хьаьлхина оьрсий сецош чевнаш йина 8 полисхочунна. Лазийна цигахь кхин а 15 стаг. Базар толлуш полицина цигахь карийна, дΙадаьккхина махбечаьргара 3 миллион сом а, уьрсаш а.

Еарийдийнахь Москох вийра бухара вахархо. Зулам динарг, полицино хаам барехь, кавказхойх ву. КΙирандийнахь Бирюловехь гΙевттинчу оьрсех 400 гергга стаг лецира Ιедалша, амма дΙахийцира уьш масех сахьт даьлча. Царех цхьа дакъа юхадаха декхаре ду ледаршка. Ши стаг ву полицино харцхьа леларна бехкевеш сацийна, хаам бо РИА-Новости-агенталло.
XS
SM
MD
LG