ТIекхочийла долу линкаш

ТалIибаша сатуьйсу Ιамеркахой дΙабахаре



ОвхΙанистано Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штаташца кхерамзаллех болу барт язбахь, шаьш махкахь тΙемаш шорбийр бу, дΙахьедина тΙалибийн лидера Омар-Моллас. Хьалха Кабулой, Вашингтоной дийцина ма-хиллара, 2014 шарахь тΙаьххьарчу Ιамеркахочо дΙатаса еза ОвхΙанистан, ца тасахь долучул а гена дер ду махкара хьал, боху Талибанан лидеро.

ГΙурбан денош тΙекхочуш махкахой декъал беш ша интернетехула динчу дΙахьедарехь боху цо иштта. ОвхΙанистанан президентна Карзай Хьамидний, Ιамеркан пачхьалкхан секретарна Керри Джонний юкъахь хилла барт кечбеш къамелаш ду дΙахьош, ткъа мел, хΙун дакъош дуьсур ду Штатийн ОвхΙанистанехь 2014-гΙа шо чекхдолуш билгалдаьлла дац цкъачунна.
XS
SM
MD
LG