ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керри Джон: Башар Асада дарж дита деза



Ιамеркан Цхьаьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона кхайкхина мехкаш Шемин хьокъехь сихха дийцарш дан. Машар оцу махкахь хуьлийла дац, президента ал-Асада дарж охьа а дуьллуш, ханна керла Ιедал ца харжахь, элира Керрис Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацехь Ιаьрбийн мехкийн Лиган векал волчу ЛахΙдар БрахΙмица ша Лондонехь къамел деш.

Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министра Лавров Сергейс дΙахьедина, Ιамерко дерриг а дан деза Шемара оппозици Женеве барт бийца охьахаош, аьлла.

Ах шо хьалха Женевехь Шемин оппозицица дΙадахьа къастийна дийцарш хиланза дисира, тΙебогΙучу батте дΙауьйзира уьш. Амма шеконехь ду оппозици Лахьан-баттахь а дийцаршка йогΙург хилар, шаьш цига догΙур дац аьлла дΙакхайкхийна Шемин халкъан кхеташо шех олучу оппозицин гонан лидер волчу Сабр Жоржа кΙирандийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG