ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсий - кIайнаш, мигранташ - Iаьржанаш


Оьрсийчоь -- Оьрсийн полицино мигранташ лаьцна Москохара Бирюлево-кIоштера хасстоьмийн базехь, 14ГIа2013
Оьрсийчоь -- Оьрсийн полицино мигранташ лаьцна Москохара Бирюлево-кIоштера хасстоьмийн базехь, 14ГIа2013

Бусулба нах шайн динехь уггар деза лоручех долу ГIурбан-де даздан кечлучу хенахь Москохара бусулба мигранташ кхерабелла, Iадийна бу, Оьрсийчоьнан коьрта гIалахь шайна тIехIоьттина кхерам бахьанехь. Националисташа ден тIелетарш доцурш, царгахь сингаттам латтабо оьрсийн полицино а.

Вевзаш воцчу стага – дийцарехь, иза Кавказера ву – ГIадужу-беттан 10-чу дийнахь урс диттина, оьрсийн къомаха волу жимастаг вийча, хIокху тIаьхьарчу кхаа шарахь Москох-гIалахь уггар йоккхачех йолу дуьхьалонан акци дIаяьхьира меттигерчу оьрсаша.

КIиран де суьйренга лесташ, Москохара Бирюлевохь вовшахкхетта хиллачу оьрсийн кегий наха херцийра машенаш. Кегдира туьканийн куьзганаш, урс диттина стаг дIалечкъина моьттуш, мигранташа латточу хасстоьмийн базарна тIелатар дира.

Цхьана оршот дийнахь дIаяьхьначу рейдехь Москохарчу полицино лаьцна чувоьллира, эргIадбаханчу оьрсийн кегийрахоша тIекIелъяккха гIиртинчу хаастоьмийн базера 1,200 мигрант. Дийцарехь, Москох кхин дIа а рейдаш дIахьуш ю полици, нах чу а бухкуш.

Джамал цIе йолчу Таджикистанера узбекан 40 шо ду. Хаастоьмийн базехь болх беш а, вехаш а ву иза. Оьрсийчохь болх бан бакъо йоллушехь дIавахана иза. Маршо радион узбекийн сервисца къамел деш Джамала дийцира, Iуьйранна 10 даьлча полисхойн а, миграцин эпсарш а баьхкина, «Iаьржа мел верг» лецира, церан документаш нийса доллушехь, уьш полисхойн автобусаш тIебахарх лаьцна.

8 шарахь Москох вехаш волу Азамат такси-лелорхо ву. Цунна хетарехь, цу кегийрахоша яьккхинчу гIовгIанех жоп дала дезарш мигранташ болуш дIадоьрзур ду ша-дерриг а. Дукхах болу мигранташ къайлабевлла, элира цо. Къамел дечу хенахь, бIаьргах довлу хиш совца ца ло цуьнга.

Азамат: “Гуттар а, цу тайпа хIума хуьлчу хенахь мигранташ бала хьоьгу – я цIа а, я нехан пачхьалкхехь цхьа а бакъо йоцчу наха. Цара «низамехь боцурш» аьлла цIе йоккхурш бу уьш.»

Дуьххьара хилла дац Москох, оьрсийн къомаха стаг вийча, Москохарчу кегийрахоша ишта къепедацарш. 2010-чу шеран ГIуран баттахь оьрсийн футболан фанат вийра Къилбаседа Кавказерчу жима стага. И бахьанехь Кремлан пенашна уллехь дуьхьалонан акци дIаяьхьира оьрсаша. Баханчу Товбецан баттахь Пугачев-гIалахь меттигера, ларамаза стаг велира къона нохочуьн карах. Цигахь а гIаьттира оьрсий, нохчий шайн цIалахка, таIзарш де царна, бохуш.
Къилбаседа Кавказера а, Азера а баьхкинчу нахца лаьтта хьагI-гамо эвсара яьлла Оьрсийчохь.

Кхарачой-Чергазийчура 24 шо долчу Карасов Мохьмада, ша Москохара маьждигехь ламаз дина ваьллачул тIаьхьа дийцира.

Карасов: "Массо хIума чолхе дер ду хIинций дуьйна. ХIунда аьлча, зеделларо ма-гайттара, оцу тайпа хиламашкахь цара зулам динчу стагера жоп ца доьху. Цара массо хIума цхьанатуху. Националисташ санна, полисхой а тIехбовлуш Iедал ду. И кхерам гергарчарна тIехь а лаьтта. Дуьне ду-кх ишта. Суна хетарехь, нах ларбеш йолу бакъонашна тIехь латта деза Iедалш.»

Карасовн хетарехь, ГIурбан деношкахьпровокацеш хила мега.
"Провокацеш хила мега. Суна массо а ларлуш хила лаьа, питанех ларбала лаьа сан махкахой а, Москох-гIлани бахархой а, полисхой а.
XS
SM
MD
LG