ТIекхочийла долу линкаш

Косоворчу сербашка кхайкхам бина патриарха



Сербин ортодоксан килсо кхайкхам бина Косово-махкахь бехачу сербашка тΙебогΙучу баттахь хуьлучу меттигерчу харжамашкахь дакъалацар доьхуш. «Доьхна хьал хΙуттур ду сербашна уьш шаьш алссам бехачу Косоворчу меттигашкахь харжамашка ца болхахь,» - элира цо оршот дийнахь ша Косоворчу цхьана килсе веъначохь.

2008-чу шарахь Сербех йозуш йоцу пачхьалкх ша хилар дΙакхайкхийначу Косовон маьрша статус къобал ца йо цигахь вехачу 40 эзар сербо. Оцу бахьанийца дакъа ца лоцу Приштина-шахьарарчу мехкан Ιедало хΙитточу харжамашкахь а.
XS
SM
MD
LG