ТIекхочийла долу линкаш

Национализмо лоцуш ю Москох



Москох полицино ша лаьцна боху деношкахь цигахь оьрсий протестан гуламе бохуш, Брюлёвохь меттигера вахархо вийна стаг. Бакохарчу Ιедалша гΙо а деш, лаьцна схьавалийна иза Москох. Иза ву цунна хетарехь, азербайджанхо Зейналов Орхан. Иккхинчу бохамо бахьана делла Оьрсийчуьрчу националисташна, шайгахьа болу нах гуламашка баха.

Иккхина гΙаттам бижош дуьхьаллаьттачу полисхойх 8, гуламхойх 15 стаг а лазош, лагΙбелла Брилёвора гΙаттам. Ткъа лацна полицино цул тΙаьхьа 1200 Азера а, Кавказера а Москох белхаш бан баьхкина нах.

Пачхьалкхан шахьарахь гΙевттинчарна гΙорторъеш, гуламаш дΙабаьхьина оьрсаша Петарбухахь, Ставрополехь, Краснодарехь, массех кхечу гΙалахь.
XS
SM
MD
LG