ТIекхочийла долу линкаш

Навальныйх маьрша тутмакх вина кхело



Оьрсийчуьрчу Киров-махкарчу кхело хьалхо Навальный Алексейс къола дарх ша бина хилла сацам ца хуьйцуш битина, амма тоьхна йоллу хан набахтехь ца токхуш, арахь яккхар къастийна.

Ши бутт хьалха бира шен сацам Кироврчу кхело Навальныйна 16 миллионна хьун лачкъорна. Оцу сацамна арз дира цо, шена тΙебаьхьина бехк политикан бух болу гамо ю, аьлла. «Ас политика юьтур яц, со цу тΙехь цхьаммо а сацор вац», - элира Навальныйс кхело бинчу сацаман хьокъехь.
XS
SM
MD
LG