ТIекхочийла долу линкаш

Хоржуш дуьйцу Бирелёвах долу бакъдерг



Москох меттигера вахархо вийча гуламашка яьллачу Бирюлёвохь, уьрсаш диттина, вийна карийна шинарий дийнахь цхьа стаг. Узбекистанера веъна мигрант ву иза, оьрсийн талламан комитето бахарехь. Цигахь оьрсий вийча иккхина гулам а, азиаташкара а, кавказхошкара а дуьйлу аьлла хета зуламаш а шуьйрра дийцаре до прессехь, амма узбек вер хьахош дац наггахь газето а.

1200 стаг лецира тΙебаьхкинчу нахах, дΙакъевлина Бирюлёвера базар а. Хилам а балхош, дуккха а гуламаш хΙиттира Оьрсийчохь цул тΙаьхьа, цхьацца меттигашкахь массех кавказхо а, азиат а, полицино лецна дуккха а нах.
XS
SM
MD
LG