ТIекхочийла долу линкаш

СПИД-ан керла кеп кхаьчна Нохчийчу



Новосибирск-гΙаларчу Ιилманчийн купахь болх бечу лоьраша хаам баржийна, шайна Оьрсийчохь яьржаш хааелла имуннодефицитан, СПИД-олучу цамгаран керла кеп, аьлла. Оцу кепо бохьу кхерам кхин а боккха бу, иза генетикехь, доьзалшкахь тΙаьхьенера тΙаьхьене а йолуш, юьсуш ю, боху говзанчаша.

Таханенна Оьрсийчохь имуннодефицитан синдром йолчу нахах ах бу, боху цара, и керлачу кепара цамгар кхетта. Оьрсий бехачу меттигашкахь хилла ца Ιаш, СПИДан и кеп яьржина ю, Новосиберскерчу лоьраша дийцарехь, Нохчийчохь а. Иза хьалха леллачу кепал а сиха яьржа, къастадо цара.
XS
SM
MD
LG