ТIекхочийла долу линкаш

Обаминний, Конгрессанний ханна барт карийна



ТΙаьххьарчу 16 дийнахь хедаш хилла Ιедалан болх меттахΙоттош низам арахецна президента Обама Барака. Иза дан цуьнан аьтто баьлла Конгрессерчу республиканан партин векалша бюджет цуьнан барамашца боьзна цакхетамаш бахьанехь тΙе ца оьцуш латтийначул тΙаьхьа эххара а тΙеэцар бахьана долуш.

Компромисс вовшашца карорна парламентерчу республиканхошна а, демократашна а баркалла элира Обамас. Ιедал, бюджето магочул сов ахча шен белхашка дΙаузуш лелла хиларна, шерашкахь лакхабаьлла цунна дайъа магочу ахчан барам. Оцу бахьанийца хилла цакхетамаш хΙинца боьрзучу кхочош ю Вашингтон. Амма пачхьалкхан декхар такхар дац тIерадаьлла.
XS
SM
MD
LG