ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тимошенко дарба дечу ханна араялийта тарло набахтера




Украинан президента Януковича, ша низам тΙечΙагΙдийр ду набахтехь йолчу премьер-министр лаьттинчу Тимошенко Юлияна мехкан дозанал арахьа дарбадайта магош, аьлла дΙахьедина, «нагахь санна парламенто и низам кечдахь», аьлла тΙе а тухуш.

2011-чу шарахь, 7 шо хан а тоьхна, набахте хьажийра кхело Тимошенко, ша даржехь йолуш цо Ιедалан ахча ларамза дайира, аьлла. И сацам политикан буха тΙехь кечбина бара, динчу зуламна таΙзар деш ца бинера, аьлла хета Европерчу политикашна а, Ιедалшна а.

Януковича ша аьлларг кхочуш дахь, Тимошенко Германе а йигина, цуьнан галъялла могашалла меттахΙоттон лаам бу немцойн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG