ТIекхочийла долу линкаш

Зейналовна бехк тIебаьхьна



Москох кхело Бирюлёво-кΙоштахь оьрси Щербаков Егор верна бехке хила тарло аьлла, лаьцна кхаба кхачийна азербайджанхо Зейналов Орхан. Оцу сацамна арз дийр ду ша, элира журналисташка Зейналовн адвоката Аникушкин Виктора.

Азербайджанан Оьрсийчуьрчу векало а дΙахьедина, Зейналов лацар а, лаьцча, оьрсаша набахтехь латтор а низамаш а талхош нисделла, цунах Ιедалан дайша а тΙехь хΙинцале зуламхо ву бахар харцо ю, аьлла.
XS
SM
MD
LG