ТIекхочийла долу линкаш

Эсамбаевн цIарх хелхарийн фестиваль хIоттийна Соьлж-ГIалахь



Соьлж-ГΙаларчу Лермонтовн театрехь дΙахьош ю Эсамбаев Махьмудан цΙарх хΙоттийна хелхаран 5-гΙа фестивал-къовсарш. Исбаьхьалла гайта баьхкина Москохара, Аштаркхнера, ерриг а Къилбаседа а Кавказера хелхарчаш.

Генара баьхкинчу хьешашлахь ю Абхазера а, Казахстанера а, Болгарера а, Алжирера а хореографийн тобанаш.

Къовсарш зуьйчу жюрин коьртехь ю Москох арадолучу «Балет» журналан редактор, профессор Уральская Валерия.

ПΙераскан де доьрзуш евзар ю толамашка кхаьчначу хелхарчийн цΙерш.
XS
SM
MD
LG