ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхечу набахте яьккхина Толоконникова Надежда



Протестан Пусси Райот тобан декъашхо Толоконникова Надежда ша чохь яллош хиллачу цхьана набахтера кхечу набахте яьккхина. Цо шена набахти хийца аьлла, кхайкхийна мацалла а йолуш, бина Оьрсийчоьнан набахтийн системан куьйгалло и хаам. Деношкахь араяьккхина Толоконникова, кΙиранах мацалла а кхабна, иза кхаьчначу дарбан цΙийнера.

Цунна генна, кхечу набахтехь яллочу Алехина Марияс юхаэцна ша аттачу хьелашка яккхар доьхуш хьакамашка яздина кехат. Мацалла лаьцна йолу Толоконникова хьийзош а йолуш, шена дегаза ду Ιедале къинхетам беха, аьлла яздина цо Новргордерчу кхеле. Къона ши зуда «динца гамо йолуш, Москох килса чохь харцхьа лелла», аьлла, тоьхна ши шо хан токхуш ю набахтешкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG