ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таршхойн лаьмнаш толлуш ду Iедал



Бутт бу гΙалгΙаший, нохчаший доькъуш долу Таршхойн лаьмнаш (Соьлжан кΙошт) Ιедало антитерроран барамийн хьелашкахь а латтош а, гΙаттамхой лохуш, толлуш а долу. Доккхачу декъанна, бутт хьалха Серноводскехь, 3 полисхо а вуьйш, 4 лаза а веш, эккхийтар дина нах лоьху шаьш, боху Ιедалерчу ницкъахоша.

ЦΙарца вуьйцу шаьш лоьхучех цхьаъ – амир Махаури Беслан, - цуьнан тобанехь бу, боху Нохчийчоьнан полицино, Аьхкинчу-Борзера а, Серноводскера а тΙемалой. Ткъа хΙун аьтто шайн баьлла лехамашкахь, хоуьйтуш бац ницкъахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG