ТIекхочийла долу линкаш

Ши нохчо верна бехкебийраш лецна



КΙира хьалха Нохчийчуьра Ессентуке ваха араваьлла, Нальчике кхачале вийра ши нохчо, арбитражан кхелахо Агаджиев Адам а, совдегар Атаев Ιиса а вер толлуш, бехке хила тарлуш лаьцна ГΙалгΙайчуьра вежарий ГероевгΙар – Ιиса а, Хьамзат а.

Шеконна кΙел нисвелла ши ваша Казахстане вада лерина вара, хаам бо Нальчикерчу кхерамзаллин урхалло. Хьалхе дуьйна арабаьккхина некъ а зийна, церан хьал доладерзош вийна Агаджиев Адам а, совдегар Атаев Ιиса а, боху ФСБ-но.

XS
SM
MD
LG