ТIекхочийла долу линкаш

Беларусехь набахтера араваьлла оппозицин лидер Северинец



Беларусера оппозиционер, керста-демократин партин лидер Северинец Павел мукъаваьккхина набахтехь валлочуьра. Кхо шо хан текхна цо цигахь, нах къепе яцаре балош хьийзина аьлла, чувоьллина.

2010-чу шеран Беларусин президентан харжамашкахь кандидат вара Северинец. Лукашенко Александр оцу харжамашкахь харцонашца тоьлла аьлла арабевлча чувоьллинчу массех политикех ву Северинец.
XS
SM
MD
LG