ТIекхочийла долу линкаш

Волгоградера автобус чохь ша шех эккхийтина Дагестанан яхархочо


Оьрсийчура Волгоград-гIалахь эккхийтар дина нах дIасалелочу автобус чохь. Официала хьесапехь велла, мел лаххара а 6 стаг, чевнаш йина 33 стагана.
Оьрсийчоьнан Талламан Комитетан хьалхарчу версица а догIуш, ша шех эккхийтанарг ю Дагестанера 30 шо хилла яхархо Ахиялова Наида.

«Тешаша дийцарехь, и зуда цхьана социйлехь тIехиина хилла автобусана. Цул тIаьхьа эккхийтар хилла», аьлла хаам бина Талламан Комитетан официала векало Маркин Владимира.

Дийцарехь, зудчуьнан дегIахь хьарчийна хилла оьккху молха. «Дукха хан йоццуш бусулба дин тIеэцна а, талорхойн цхьана куьйгалхочуьнга Соколов Дмитрийга маре яхана а хилла иза», бохуш дуьйцу Талламан Комитетехь.

Дагестанера ницкъаллийн структураша аьллачунна тIе а тевжаш яржийначу информацица а догIуш, Москох-гIалин вахархо хилла Соколов, Ахиялова наида евзинчул тIаьхьа ХIинжа-гIала а вахана, меттигерчу тIемалойх дIакхетта хилла.

«И шиъ цхьаьний Москохарчу лакхара доьшийлахь доьшуш хилла. Цигахь Ахияловас Соколов шена тIеверзийна. Тiаккха иза массо хIума охьа а тесна, Дагестане вахана, цигарчу тIемалойх кхетта», бохуш дийцина Дагестанан ницкъаллийн структурашкахь.
XS
SM
MD
LG