ТIекхочийла долу линкаш

Катынехь динчу зуламан хьокъехь сацам бина Европан Адамийн бакъонийн Кхело



1940-чу шарахь Катынехь герзаш диттина, байъинчу полшхойн къомаха хиллачу нехан гергарчара Европера Адамийн бакъонийн Кхеле бинчу латкъамехула эххар а сацам бина Страсбургехь.

Шен компетенцел тIехдолу и тайпа латкъам къастор, аьлла дIахьедар дина Кхело. ХIунда аьлча, и зулам, 1950-чу шарахь адамийн бакъонашкахула йолу Конвенци тIеэцале хьалха дина ду. Оьрсийчоьнан хьокъехь Конвеци болх бан йолаялале, Полшера тIеман йийсархой байъар, билгалдаьккхина историн гIуллакх дара. Цхьа а шеко яцара царца хиллачуьнан хьокъехь. Цундела, Конвенцин 3-гIа артикл йохийна яцара боху, Кхелан сацамо.

Оццу хенахь, Европан адамийн бакъонаш ларъяран Конвецин 38-чу декъан декхарш дохийна Оьрсийчоьно. Билггал и декхарш кхочушдан дезаш яра Оьрсийчоь, гIуллакх къасторна хьашт болу билламаш кхоьллина, аьлла ду цу сацамна тIехь.

Оьрсийчоьно Катынехь хилла зулам хьокъехь долу документаш Полше дIа ца даларца а, документаш къайладахарца а доьзна ду иза. Оьрсийчоь дуьхьал яьллера процессан коьрта документ дIадала. Цуьнца цо дохийна, тоьшаллаш даларца доьзна декхар, аьлла ду Европерчу Адамийн бакъонийн Кхелан сацамна тIехь.

Полшера 15 стага – герзаш диттина, Советан эскарша байъинчу эпсарийн гергарчара латкъам бинера Европан Кхеле, шайн гергарнаш байъаран хьелаш толлуш, эвсара таллам ца бина Оьрсийчоьно, аьлла.

Кхело и зулам тIеман зулам леринера, амма оьрсийн талламан мах хадон реза ца хиллера.

Советан пачхьалкхо нацистийн Германина тIететтина хилла, Смоленск кIоштара Катынь уллехь 20 000 полшхо вер таллар 1990-чу шарахь долийнера. 2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан Коьрта тIеман прокуратуро дIакъевлинера. 2010-чу шарахь оьрсийн ДУМАно сацам къобалбира, нахана герзаш деттарх долу жоьпалла Сталин Иосифна а, кхин болу, хIетахьлера Советан Iедалера куьйгалхошна а тIебуьллуш.
XS
SM
MD
LG