ТIекхочийла долу линкаш

Amnesty: пилот воцчу Iамеркан кеманаша маьрша пакистанхой бойъу


Пакистанан латтанаш тIе пилот воцчу кеманашна тIера ракеташ еттарна Iамеркан Коьртачу талламан Урхалла бехке йина дуьненаюкъарчу адамийн бакъонийн Amnesty International организацино. Документо бахарехь, Къилбаседа Вазиристанехь тоьхна исс дронашна талламаш бина Аьмнестин говзанчаша. Цуьнан жамIаша бахарехь, хIаваэра герзаш а кхетта, белла нах, дукха хьолахь, карахь герз доцуш хилла.

Human Rights Watch организацино шен рапорт кечдина оцу хьокъезь. Йеменна тIе хIаваэра ялхозза динчу тохарна талламаш а бина, шайн жамIаш гIарадаьхна организацино. Рапортан авторийн хьесапехь, шозза динчу тохарехь ларамаза нисбелла маьрша нах бу байъинарш. Ткъа иза, дуьненаюкъара бакъо йохор ду.
Пилот воцу кеманаш сих-сиха леладо Iамерко «Ал-Кхайдин» а, «Талибанан» а тобанашна дуьхьала. Оццу хенахь билггал хууш ду, оцу тохарша масех исламистийн тобанийн лидерш байъина хиларх лаьцна.

ХIаваэра деттачу герзаша эргIадбохуьйту пакистанхой. Дукхах берш тешна бу, харц, нийсий ца къестош, цу тохарша бехк боцу маьрша нах бойъуш хиларх.
Даханчу кIирнахь Цхьаьанкхеттачу Къаьмнийн Организацино далийначу терахьашца, Iамеркан пилот воцчу кеманийн тохарша Пакистанехь вийна, мел лаххара а, 400 стаг. Iамеркан тIеман куьйгалло мукIарло дечул а дуккха а алсам бу байъинарш.
XS
SM
MD
LG