ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iаьхча барзо вуу, ца Iаьхча - жаIуно урс хьокху


Нохчийчоь -- Оьрсийн тIеман техника кийчча ю герзаш тоха, Наур-кIошт, ГIадужу-беттан 8, 1999
Нохчийчоь -- Оьрсийн тIеман техника кийчча ю герзаш тоха, Наур-кIошт, ГIадужу-беттан 8, 1999

Боккхачу тIеIаткъамна кIел бу тахана Нохчийчура кегийрахой. Массо агIора - духаран бист кхаччалц бахархой шен Iуналлехь латтош, амма коррупцех доьлла Нохчийчура Iедалш ду. Вукху агIора, цу кегийрахойн шайн дахарна а, кханенна а бIо ца боларх пайда оьцуш зуламе ницкъаш бу, церан ойланаш дIахьуш. Шина Iинна юкъархь, ирачу шаьлтанна тIехула лелачу нохчийн кегийрахойн дахарх лаьцна дуьйцуш ву Хасимиков Iусман


ШолгIа бутт болабелла Соьлжа кIошт Серноводск олучу Михаласка юьртахь чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллин кетIахь кхоъ вен а вуьйш,виъ ницкъаллин структурийн белхо лаза а веш, эккхийтар дина. Цу хенахь, Гезгмашин-беттан 16 –чу дийнахь дуьйна террорана доьхьал тIеман операци а кхайкхийна лохуш бу цигахь куьг бехке тIемалой.

Официалан чIагIдарца бахархошна кхин еш новкъарло йоцуш, ломан хьаннашкахь лохуш бу Iожалхо юкъахь хилла и кечвина цуьнан накъостий. Бакъду, меттигерчу могIарерчу наха дийцарехь Михаласкехь эккхийтар нисделчахьана баха а,бахка а маьрша доцуш, кест-кеста керта а лелхаш, тIеIаткъам беш хьийзош бу кхузахь кегийрхой. Цу хьокъехь дуьйцуш ву цигара 47 шо долу, сан цIе йоккхийла доцу вахархо.

Бехк-гуьнахь а доцчу юьртахошна тIеIаткъам бар сацош дац боху и эккхийтар деш дакъалаьцна Ассиновскера 27 шо долу вахархо шен лаамехь Iедална тIевахханшехь. Бахархоша тидарехь сел къиза зуламаш дайта,церан кхетам галбаккха Iалашонца,коьрта хье муьлхха а омра кхочуш дан муьтIахь хилийта тIемалошна леррина чайций мийлош молханаш ду. Михаласкера вахархо ву дуьйцуш.

ПIелг санна лелаш адам а, машенаш а йолуш, Ассиновске боьдучу новкъаца ю бутт хьалха эккхийтар дина полисхойн урхалла.Тахана цигахь хаалуш муххале а яц оцу ирчачу талоран ларш,оццул ницкъала зулам цигахь хила а хиллий те аьлла хеталуш,ног етташ кхехкаш дахар ду.

Ма-дарра аьлчи бIаьрса а,лерса а тило санна, ишта гIайгIа йоцу,ирсе,токхе дахар тергалло цкъадолчунна кхечу ярташкахь а, гIаланашкахь а. Делахь а иза къинхетам боцчу,луьрчу тIеман дахаран бIостане ю. Цунна даре до чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло бен-бечу хенашкахь хаме даьхначу кху терахьаша а.

Нохчийчуьра тIеман хьелаш бахьнехь кху шарахь вийнарг ву 40 гергга стаг. Чевнаш йина лазийна лоьрашна тIе кхачийнарг 57 стаг. Кхин а шозза лакхара хилла и гайтам стохкалерчу шарахь.Ала догIу, бахархоша шаьш даре а деш, дуккха а вер-ваккхарш, бахархой лазийна меттигаш гIар ца йохуш,хьуламехь латтош масалш а къезиг дац махкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG