ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Ахьмат-хьаьжин орден йиц ца йинехь, културан министран гIант лестар дацара


Нохчийчоьнан културан министр Музакаев Дикалу (Аьр) Францера актерана Депардьё Жерарана (Аьт) хьошалла деш

Нохчийчоьнан културан министр Музакаев Дикалу (Аьр) Францера актерана Депардьё Жерарана (Аьт) хьошалла деш

Нохчийчоьнан культуран министран Музыкаев Дикалуна, дов дина, мехка куьйгалхочо. Цуьнан белхан коллектив гул а йина, министрийн тIе бехк биллина культура махкхаь цо хIаллак йина аьлла. хIинца, дукхаболу тергамхой хьоьжуш бу, латталура вуй, цхьана хенахь, гIараваьлла волу хелханча оцу даржехь.

Хууш ма хиллар, таханлерачу Нохчийчохь, культура лакхаяьккха, некъ бу йохьарлаьцна дIахьош. Оцу тIегIан тIера болх, лерринчу Iуналлехь бу, мехка куьйгалхочуьнна. Цундела, культуран белхахой, кхиберш санна, шай лаамехь бац. Халханчаш, дIамел шаршабо ког а, илланчаш, дIа мел олу эшар а, цуьнга юха а хьоьжуш хуьлу.

Хаьа, цо, мах хадорах, ах сов гIуллакх хилла даьллийла. Цундела, культуран министраллехь республика куьйгалхочо, телехьажийлехь гайта а гойтуш дов дар, даган халахетарца тIеэцна ду цара. ХIокху деношкахь Соьлжа-гIалахь дIайирзина йолу, Эсамбаев Махьмудан цIарах фестиваль, яра дукхачу декъана культуран белхахой гул а бина юьйцуш ерг. Оцу сийлахьчу артистийн лекхачу цIарца цхьана йогIуш кечам бина яцара иза, аьлла мах хадийра Кадыров Рамзана.

Оцу фестивалан цхьа гIалат-м, цигахь хилчарна а, телехьовсархоршна а гуш дара. Эсамабевн цIарах фестиваль аьлла долу йоза, кIай шаршо тIехь, басаршца яздина дара. И шаршо а яра, цхьа агIо раз а яьлла дIаоьллина. Цул совнах, оцу къийсадаларшкахь толам баьккхинчарна, совгIаташца луш долу ахчанан конверташ тоьуш ца хилла.

Оцу хьокъехь хIинца таллам боьдуш бу. Меттигерачу телехьожийлехь, 11 минот герга гайтира и видеокийсак. Музакаев Дикалуна хIумма а йохькIаме хIума ца хезира. Республикан куьйгалхочуьнна хетарехь, культура ца кхиар, бекъ бехк министран бу.

Кадыров Рамзан: «ДIакхайхо безаш болу нах а, совгIаташ а, цхьанна а хIун ду а ца хаьа. ХIокху дуьненахь мел делла долу, хIуш духкучара а делла долу совгIаташ дIадийци, ткъа Кадырован орден яц.

Ас боху "Дикалу, ГIалгIайн махка ведда дIаваханчу хенахь, мохк, къам а Iад а дитина, Ахьмад-хьажас, бух а табина, кеч а вина, схьавалийна.
Массо а а хIума еллачу Кадырован орден кхайкхо мегаш дац?"

Ахьмад-хьаьжас цунна яьккхина йолу «Къоман артист» а, кхин ерг а дIакхайкхо мегаш ю, ткъа Ахьмад-хьаьжийн цIарах мидал дIакхайкхо мегаш яц. Министралло беш болу болх, хIокху 5-10 шарахь оха тIехь а девлла бина болу, Музыкаев Дикалун бахьанехь, шен де мере бахана».

Кхеташо хилчул тIаьхьа, цхьаъ гулам чекхабаьлча, кхиберг гулбеш, жигара болх болийна министраллехь. Тахана санна, цкъа а, кхерам хоьттина бацара, даржера воха Музакаев Дикалуна тIехь. Дуьйцу оцу министраллера, шен цIе яккха ца лиинчу белхахочо.

Културан министраллийн белхахо: « Ша верг кхоьруш лелаш ву хIинца. Тахана , кхеташонехь бара уьш. Гарехь, хийца мега иза. Цхьана хIуманна карзахдаьлла хира ду-кх иза. Дала диканца дерзадойла иза».

Культуран тIегIан тIехь болх бечеран, лелар а, хатI а, оьзда хилар рогIера уза тIедожийра Кадыров Рамзана. Дагаяьийтира, нохчийн театрера цхьана актрисо, Интернет чу дихкина долу суьрташ а, оьрсийн уггаре а, эхь-бекх дайинчу актрисо а ца доьхку, аьлла.

Культурехь, дуккха а бан безаш белхаш бу, цундела, царна тIехь терго хира юьйла хаийтира, мехка куьйгалхочо, шен амалехь дош а ца кхоош.

Музыкаев Дикалу, културан министрийн даржехь волу дикка хан ю. Кхинболу министарш ша, ловзуш долу кехаташ санна дехьа-сехьа бохучу хенахь, иза шен цхьана меттехь вуьсура.

Иза дикачу чоьтехь вара хIинцалца, мехка куьйгалхочуьнна. Дукха хан йойцуш Хасав-юьртара цхьан нохчочо Кадырова инстаграмм чу яздинера, ша культуран министрийн болх дика бийра бара аьлла. Иза шеца цхьанакхетаре а кхайкхина, цуьнна хестийра Музакаев Дикалу, воно дика белхахо иза ву бохуш.

Амма, гарехь, ойланаш хийца, дукха хIума ца оьшу. Дуьххьара, культуран министран дов дира, цхьа бутт хьалха, Соьлжа-гIала юккъахь, «Вайнах» хелхаран тобанна, хьалйина йолу концертан хIусаме хьаьжча. Гинчу суьртана реза ца хилира Кадыров Рамзан.

Циггахь, цо омра дира, болх муха бина, мел мах болуш бина а, ахчанаш лачкъийна дуй-даций хьажа аьлла. Телехьожийлехь ган а гойтуш, довдар, таханлерачу Нохчийчохь доьххьара сигнал ю, даржхочуьнна кIелара гIант тахка доладеллийла. Ткъа, тоьара дуй Музыкаев Дикалуна, похIма, цу тIера ца вожа, гойтура ду гергарчу замано.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG