ТIекхочийла долу линкаш

10 кандидато дакъа лоцур ду 2014-чу шарахь ОвхIан-пачхьалкхера президентан харжамашкахь


Президентан харжамашкахь дакъа лаца документаш чуделлачу 26 кандидатах 16 дIаваьккхина ОвхIан-пачхьалкхера йозуш йоцчу Харжамийн комиссино. Комиссино дIахьедар дина, церан кехаташ хила ма-деззара, кечдина дацара, аьлла. Царах дукха берш – кIезга бевзаш болу политикаш бу.

Мехкан коьрта дарж къовсур долчу кандидаташна юкъахь ву – арахьарчу гIуллакхийн министрш хилла волу оппозицин лидер, доктор Iабдулло, Расул Залман а, финансийн министр ГIани Ашрат а, тIеман министр лаьттина волу Вардак Iабдул Рахьим, иштта, овхIанхойн салафитийн лидер Сайяф Iабдул Раб Расул а, карарчу хенахь ОвхIан-пачхьалкхан президент волчу Карзай Хьамидан ваша, бизнесхо Карзай Iабдул Каюм а.

ТIедогIучу шарахь Охана-беттан 5-чу дийнахь хир бу цу пачхьалкхехь президентан харжамаш.
XS
SM
MD
LG